Главное меню
- ГЛАВНАЯ
- Государственные программы
- Государственные услуги
- Планы и отчеты министерства
- Реформирование ЖКХ
- ГИС ЖКХ
- Государственный заказ
- Взаимодействие Министерства
- Полезная информация
- Информирование населения по вопросам в сфере ЖКХ
- Статистическая информация
- Информация по ЧС
- Исчерпывающий перечень
- Открытые данные
- Национальный проект "Экология"
Контроль в сфере ЖКХ
Новости Чеченской Республики
|
Поздравление министра строительства и ЖКХ ЧР Муслима Зайпуллаева с праздником Ураза-Байрам
Лараме Нохчийн Пачхьалкхан Куьйгалхо,
Россин Турпалхо Рамзан Ахматович!
Сайн ц1арах, Нохчийн Республикан г1ишлошъяран а, х1усамийн-коммунальни бахаман а Министерстван белхалойн ц1арах а даггара декъал во хьо марха дастаран дезачу денца!
Везачу Дала марханаш къобал дойла хьан! Лайна халонаш меле язъйойла, кхаьбна марханаш шен дуьхьа лорийла!
Нохчийн Республика тоьлла хилийта, нохчийн халкъа дахар ирсе, маьрша хилийта къахьоьгуш вог1у хьо. Къинхетаме Аллах1-Дала диканца бекхам бойла хьуна! Шераш мел д1аэхарх халкъана бицлур бац хьан дас Ахьмад-Хьаьжас (Дала г1азот къобал дойла цуьнан!) д1аболийначу новкъахь хьан хилла кхиамаш.
Вай иманехь нисдеш, дика амалш совйохуш, вовшийн сий-ларам ч1аг1беш, дезар луш йоккхийла вай дуьненахь мел йоккху хан.
Иман - беркат, ирс - аьтто, сий - ларам, могашалла маэшадойла хьуна а, хьан доьзална а.
Ларамца,
Министр М.М-Я. Зайпуллаев